Myvideo

Guest

Login

Султан Яшуркаев (Дени Сумбулатов)

Uploaded By: Myvideo
136 views
0
0 votes
0

ЯШУРКАЕВ СУЛТАН *** Дагахьбалламаш, дагалецамаш, буйна вуллий шайн, дIа ца хоьцу аш. Самах, гIенах а, буса дийнахь а, цIеран хештигех богуш кийрахь Iа. Айвой, гIаттавой, берах тахкавой, охьавуьллу аш, винчу махка хьой, лаьмнаш, мокхазан, ирзеш беццаран, хьалха туьйсу аш дагна эццара. Нана, куьйгаш хьан дама лоцуш го… кхелха, нана, хьо, уллехь воцуш со! Дагалецамаш, дагахьбалламаш, логехь шад боьхкий, витац вала аш. Мокха чим хилла, яьгна эвла го, хьайн цIа лаьттинчохь, яраш йоьвлла го. Дагахьбалламаш, дагалецамаш, буйна вуллий шайн, дIа ца хоьцу аш. Дитташ кIурздоьлла, бац тIехь хилла стом, кхозу царна тIехь, неIалт хилла тIом! Дагахьбалламаш, дагалецамаш, дIа ца хоьцу аш, дIа ца хоьцу аш! Аьрцнаш чIана ду, гIа дац дешкаш тIехь, лакхахь, ломаца, ца го литтанаш, шийла бийшана юьртан кешнашка, Горга лам лоргуш, мангал биттанарш… Дагахьбалламаш, дагалецамаш, дIа ца хоьцу аш, дIа ца хоьцу аш! Самах, гIенах а, буса дийнахь а цIеран хештигех, богуш кийрахь Iа.

Share with your friends

Link:

Embed:

Video Size:

Custom size:

x

Add to Playlist:

Favorites
My Playlist
Watch Later