Myvideo

Guest

Login

Бурчаев Хьаьлим I Нохчийн фольклор а, Толстой а

Uploaded By: Myvideo
379 views
0
0 votes
0

Дуьххьара нохчийн халкъан бартакхолларалла нохчийн маттахь дIаязйинарг сийлахь-воккха оьрсийн яздархо Л.Н. Толстой ву. Девлетгирийн-эвлахь (хIинца Толстой-Юрт) ша волчу хенахь, 1852 шарахь, Лев Толстойс шен доттагIашкара Мисирбиев Садогара а, Исаев Балтера а оьрсийн элпашца дIаязйина нохчийнн барта говзарш. Нохчийн маттахь цо уьш дIаязъяро гойту нохчийн барта кхолларалле Л. Толстойн боккха безам хилла хилар. ТIаьхь-тIаьхьа чIагIлуш хилла яздархочун нохчийн барта кхолларалле йолу шовкъ. 1875 шарахь Л. Толстойс яздина шен доттагIчуьнга поэте А.А. Фете: “Кху муьрехь ас йийшира шайн хьокъехь цхьанна а, хIумма а хууш доцу, амма сан ойла тIеяхна йолу книгаш. Иза ю Тифлисехь арахецна йолу кавказски ламанхойх болчу хаамийн сборник. Цу тIехь ду ламанхойн дийцарш а, поэзи а - поэтически башха жовхIарш. Хьуна и яийта лиънера суна. И йоьшуш виллина хьо дагаоьхура суна. Амма и ца йоуьйту ас, хIунда аьлча цунах къаста сайна хала хиларна. Ца Iебаш юх-юха а йоьшу ас...” «Поэтически башха жовхIарш” аьлла Толстойс нохчийн илле

Share with your friends

Link:

Embed:

Video Size:

Custom size:

x

Add to Playlist:

Favorites
My Playlist
Watch Later