Г1иллакх Т1ехволуш, ластабой корта, Гойту вай г1иллакхан цуьрг. Стаг велахь стагана г1ортор, Кховдаде вовшашка куьг... Вистхилар ма хета дола, Ма кхера дожарна дош, Тергалде астаг1а болар, Бохамо диссийна пхьош. Вовшашка делалой хьовса. Вовшашца яхь хилий къовса. Схьагайта диканан цуьрг. Кховдаде тешаме куьг. (с) Исмаилов Абу
Hide player controls
Hide resume playing