АХЬМАД-ХЬАЬЖИН НЕКЪАН ИЛЛИ Тlамо ва чов йина, Харцоно lовжина, Вайн Нана-Нохчийчоь Баланехь ва гича, Дийнахьа салташа, Буьйсанна кlиллоша Шен къомах адамаш Хьийзо ва долийча, Iаьржачу харцонал Klайн бакъо толийта, Шен некъан ва накъост Делан дош ва дина, Шен дешан да хила Ша чlагlо ва йина, «Нохчийчоь-м йацарий Вала да ва воцуш, Нохчийчоь-м йацарий Къонахий ва боцуш», - Цу lабдул-Хьамидан Ахьмада элира, Шен къоман дуьхьа И ара ма велира ... Source: ЧГТРК “Грозный“
Hide player controls
Hide resume playing