Шейх Салах Межиев - Барт цхьаъ хилар. Вайн ч1аг1алла - цхьаъ хиларехь ю. Цхьа дин долуш, цхьа мотт болуш, цхьана ламастехь долуш къам ду вай. Декъадала мегар дац. Цхьа х1ума дицдан ца деза вай: вай цадезарш дукха бу дуьненан кийрахь. Церан луур даккха мегар дац! Дала синкхетамах, доьналлах ма дохадойла нохчийн къам! Дала нохчийн латта т1ехь а, доллучу дуьненахь а бертахь дахар лойла нохчийн къомана а, боллучу бусалба нахана а! Аллах1у Акбар!
Hide player controls
Hide resume playing