Myvideo

Guest

Login

Апти Бисултанов...Малхаш

Uploaded By: Myvideo
5 views
0
0 votes
0

Берлинехь ло дог1у тховса, Ло дог1у хир ду-кх вай ц1ахь а, Лайлахь д1адийна цхьа тховса, Тергал йеш хир йу-кх ахь а. Сих-дег1ах цацанах санна, чекх дуьйлуш лайн чимаш хьийза Цкъа а, кхи хира йоцуш санна Г1елйелла сан ойла ц1ийза. Дазделла массо а х1ума, Йиш йоцуш дийца, йа кхета, Бен башха мел доцу х1ума Кху сарахь бен башха хета. Кху сарахь бен башха хета- Дала мел кхоьллина хилам Йиш йоцуш дийца, йа кхета, Йовхонах со хьаьгна хилар. Ас хьуна ц1е туьлу-Малхаш, Вай цкъа а гур доцун дела, Лайлахь д1абайначу малхах, Сайна хьо тарйелла дела.

Share with your friends

Link:

Embed:

Video Size:

Custom size:

x

Add to Playlist:

Favorites
My Playlist
Watch Later