Абу ХIурайрата (АллахI реза хуьйла цунна) дийцина, АллахIан Элчано (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) элир аьлла: «Ши тайпа нах бу, суна гина а бац уьш, бежан цIогнаш санна хIуманаш нахан ятташ берш... Ялсаманчу-м мухле гIур бац уьш, цу ялсаман хьожа а кхетар яц царна!». [Сахьихь: Муслим: 2128] Кхечу кепар дийцина и хьадис: «Нагахь хьо валаз висахь хьуна ган тарло-кх, бежни цIогнаш санна хIуманаш керахь йолуш нах, Iуьйран ара бевра бу уьш АллахIан оьхазлонца, сарахь юха богIур бу уьш АллахIан ца безамца!». [Сахьихь: Муслим: 2857]
Hide player controls
Hide resume playing