Вайн Пайхмар Мухьаммад (с.а.в) винчу денна лерина къовсам. 1алашонаш: берашна вайн Мухьаммад Пайхмарийн (с.а.в.) дахар довзийтар, цуьнан сийлалла гайтар, Исламан б1ог1амаш карлабахар, Ислам дин довзар ч1аг1дар, бусулба дине безам кхоллабар. Дакъа лоцуш бара лакхара тобанера кхиорхой. Бераш шина тобане бекъабеллера: «Салават» а, «Суннат» а. Хьалхара меттиг йаьккхира «Салават» ц1е йолчу тобано. Къовсам кечбинарг а, д1ахьошйерг а йара кхетош-кхиорхо Асхабова Хьава.
Hide player controls
Hide resume playing