Myvideo

Guest

Login

Орцанна жоп доцуш

Uploaded By: Myvideo
1 view
0
0 votes
0

Орцанна жоп доцуш дисинчу маьхьарех эхь хетар дара суна, ⠀⠀⠀ ⠀⠀⠀ Бекхамна ка йоьхна, вашас лайначу гIелонах эхь хетар дара суна, ⠀⠀⠀⠀ Аганахь хинболу турпала къонахий техкийначу наноша йиначу семачу набарах эхь хетар дара суна, ⠀⠀⠀ ⠀⠀⠀ Кошаза вайначу кIанте ладоьгIучу ненан сатийсамах эхь хетар дара суна, ВорхI вешин йишин тIамо дохийначу дозаллах эхь хетар дара суна, ⠀⠀⠀ Тхайна кху дуьненчохь корта айббина дIалела бакъо йоккхуш эгначу вежаршна доьгIначу хIолламех эхь хетар дара суна, ⠀⠀⠀ ⠀⠀⠀ ТIулгийн маттахь бен ясталур йоцчу хьан лазаман къайленах эхь хетар дара суна, Нохчийчоь, ⠀⠀⠀ ⠀⠀⠀ Хьан доь дайъа гIиртинчу мостагIчунна къинтIера а ваьлла, хьох кхидIа воккхавеван а, хьан латта тIехь коше догдаха а, хьан ломахь карочу синтемах ирсъэца а, с

Share with your friends

Link:

Embed:

Video Size:

Custom size:

x

Add to Playlist:

Favorites
My Playlist
Watch Later