585. Iайшата (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) (маьждигна чохь иIтикаф деш а волуш) шен корта со йолучехьа чу къадабора, ткъа аса ехк хьокхура цуьнан коьртах. Ша иIтикаф дан волавелча - цаваьллачу хьаштана а бен цIа а ца вогIура иза» (ХIара хьадис далийнарш бу: ал-Бухари, Муслим. Ткъа хьадисан дIаяздар ал-Бухариниг ду).
Hide player controls
Hide resume playing