Myvideo

Guest

Login

Элдин Микаилодика ма елахь...

Uploaded By: Myvideo
201 view
0
0 votes
0

lодика ма елахь... Меллаша ялий дlагlолахь, Малхана делалой дlадоьду сирла тхи санна... Синлазам белхабеш хилийта буьйсанан болар, Лазаме я мерза хилийта сан кура цхьаьлла Хьо йоцуш и хилахь. loдика ца еш дlагlолахь. Сатийсам ма лолахь, Къабилан къа санна базбеш, Яц хьуна ойланйин хелхарша йоьттина гlала. Доьхначу дегнаша синошна кхел йоьхуш, арз деш, Дlогlанан цхьа тlадам лаьтта ца lанабо Дала... Сатийсам ма лолахь... Ца хилча санна дlагloлахь... Дешнаш ма диталахь... Айхьа уьш мел хаза аларх, Совдаьлча мерзачу мазах а lаьржа дlовш хилла... Серсачу догlaно экаме хьистина lалам, Шийлачу вертанца дlaхьулдеш тlеюссу чилла... Дешнаш ма диталахь... Бералла санна дlагloлахь... Цхьа дагалецам бен ца буьтуш дlагloлахь. Суна, Диц ца дан цкъа мацах сан ирсе мlаьргонаш хиллий... Мел вехха хьо ларъян сайн дагчохь сел хаза, къона, Яздан а хьоьх лаьцна чекхдала йиш йоцун илли... Тийналла ца къахкош, кlайн марха санна дlагlолахь... /Элдин Микаил/ @eldin_mikail #нохчийнлитература #поэзи #элдинмикаил #оргажурнал #литер

Share with your friends

Link:

Embed:

Video Size:

Custom size:

x

Add to Playlist:

Favorites
My Playlist
Watch Later