Myvideo

Guest

Login

Видео от Даймохка Чра

Uploaded By: Myvideo
4 views
0
0 votes
0

«Мухьаммад Пайхамаран (ﷺ) дахарах лаьцна» къовсам д1абаьхьира Г1оьналлин «Даймохк» фондехь. Цхьаьнакхетар лерина дара буслабачу рузмийца беза беттанаш: Раджаб, Шаабан, Рамадан болабаларна. Къовсам нохчийн маттахь д1абаьхьира. Цхьаьнакхетаран кхелахой: Г1оьналлин «Даймохк» фондан куьйгалхо Закриев Хьамзат Хажиевич, Муфтиятан векал Бибулатов Салман, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин динан а, йукъараллин а организацешца зIенаш латторан департаментан белхахой Абдурахманов Мухьаммад, Дудаев Абдурахьман. Къовсамехь дакъалоцуш дара халабохкучу доьзалшкара вайн республикерчу тайп-тайпанчу к1ошташкара бераш. Дика хаарш гатйира цара шина а раундехь. Толамхой бевлира: 3-г1а меттиг: Хусиханова Меднат 2-г1а меттиг: Бачиев Рамзан 1-ра меттиг: Тахаева Иман Массо а декъахочунна совг1аташ даийтинера йохк-эцаран «Сокол» туькнара, берийн тайнигийн «Дени» туькнара. Толамхошна ахчанца совг1ат даийтинера мебель яран-йохкаран «Кардинал» туькнара.

Share with your friends

Link:

Embed:

Video Size:

Custom size:

x

Add to Playlist:

Favorites
My Playlist
Watch Later