Myvideo

Guest

Login

Ц1е берд - Руслан Тупиев Нохчи илли

Uploaded By: Myvideo
1 view
0
0 votes
0

Iожалло Iехаво, оьций дIахьой, Ял йоцуш вирзинарг, лар йоцуш вов. Уьйрашна вицвелчахь, Далла а вицлой, Базло, бах, лахьти чохь упханан тхов. Даим со хьегначу ЦIен-Берде гIой, Цуьнга бIаьрг тохалаш, аьтто хилахь. Цигахь диънера ас бераллин той, Цигахь лиънера сайн чурт а, дагахь. ГIеллой Iаш хетало безна и мохк, Малх хьуллуш бIаьрг тоьхча геннара дIа. Хьомсарчу ламанах хьерчаш Iен дохк, Гуш санна, вогIалой, вехха со Iа... Догмерза гул а лой, ЦIен-Берде гIой, Дегнийн хьу ясталуш бIаьста-гурахь. Сан метта бIаьрг тохий, сан бIаьрга гой, Сан берд аш хьасталаш, ганза со лахь. Цигахь диънера ас бераллин той, Цигахь лиънера сайн чурт а, дагахь. Пепнаш кIел тIулг богIий, гонаха берд хьой, Безамна бIарлагIа елаш цигахь.

Share with your friends

Link:

Embed:

Video Size:

Custom size:

x

Add to Playlist:

Favorites
My Playlist
Watch Later