Myvideo

Guest

Login

Безаман-йоза

Uploaded By: Myvideo
74 views
0
0 votes
0

«Безаман-йоза» Хьан цlа а, хьан цlе а, лелар а, йелар а суна, хьоме ду паччахьан тоьллачу совгlатал, бlозза... Дог-кlайчу бераллин куьг лоьцуш лелачу хьуна, хетарехь, цадевза хlинца а «безаман-йоза» Хьан дешар.., йозанаш.., ахь дlаса кегадо тептарш.., нийсархой.., хьо йевзарш совбуьйлу хlора а денна. Ас хlун до? хlунда ло сайн даге жоп доцу хаттарш? Сан эмгаралла а хи санна хӀунда тlехъlена? Къахьо а, Iуьйранна гlаьттича ахь молуш йолу, цу кlайчу серашца ладоьгlу мукъам а лерехь, лараш а.., бlаьргаш а.., Iиндагl а.., хьох доьзна долу массо а хlума ду безаме суна, схьагарехь... Хьан аз а, амал а, йаппаршца и оьгlазалла.., эхь хетча муьрг санна цlиэйалар.., ма ду хьан хаза! Хьо суна полла бу, кlайн болуш, са-маьрша полла, дуьненан къизалла йовзанза, кхетанза лазар. Дуьххьара хьо гар а хьахийча : масех бутт, денош тlехдевли.., куьг лаьцча тlехлелха машенех тера... Сих-сиха йоккху соь хьан цlе а маьршачу гléно, ткъа самах-м коьрта чохь хьийзаш бу ойланийн бера... Коран бlаьрг батlабеш бойнах а чекхлелхаш йолу цу маьлхан зlаьнаршка хьожий хьо, цхьа маьрша, гlоза? Иштта цкъа, мlаьргонехь ши дош ду ас йаздийр долуш дашочу элпашца хьан даг тlе «безаман-йоза» Минцаев lальви шо

Share with your friends

Link:

Embed:

Video Size:

Custom size:

x

Add to Playlist:

Favorites
My Playlist
Watch Later