«Со цу къамела тӀера хийцавелла вац хӀинца а» 8-гӀа августехь кхеле кхайкхина волчу Шайх Мухьаммад Хьассана Ӏеламнах безачийн бӀаьрг бузош, уьш ца безаш, цара бакъдерг дӀа ца олу, уьш кхоьру бохучийн букъ каггош къамел ди! Амма уггар хьалха шайхо тамаша байтинарг дара, цуьнан Ӏилманан кӀорге, хетарехь хӀинццалц шерашкахь цуьнан дарсашка лелаш, цуьнгара Ӏилма оьцуш кхетта а ца хиллера со цуьнгахь Ӏилманан оццул кӀорге хиларх. Тамашина хӀунда дара иза аьлча, цхьанна хьехам бан я дарс дала воьдуш, ша дуьйцур дерг, эр дерг кечдой воьду эр дара муьлхха а, иштта дан а ду иза, ткъа хӀинца кхеле воьдуш ма ца хаьара цигахь хӀун хаттарш хир ду, я стенах лаьцна дуьйцур ду. Я цу тайпа хьалхадохкучу хаттаршна цо жоьпаш делча а дацара генара тамаша бан хӀума, шен ойла юьйцу-кх эр дара! Оцу ша лучу жоьпашна тӀе аят а, хьадис а далорах а ца волу кхин дӀогара цец, иза а дагахь хууш ду царна! Цу тӀе хьенеха, минеха Ӏеламстага иштта боху алар а дацара кхин доккха хӀума, иза а цкъа дешна хилчхьана, шен дешнашца дӀаалало! Амма
Hide player controls
Hide resume playing